Мохьмад-Бешир Хьаьжа
Мохьмад-Бешир Хьаьжа Муфтий ЧИАССР – незаурядная умница, гордость этноса нохчи призывал чеченцев не лицемерить и не приспосабливаться, не быть молчаливыми, не потворствовать произволу, не блюдолизничать, а стоять за народ, защищать соотечественников:
«Стаг мел харцлуьйш, нийсона тIера ваьлла велахьа иза нисван, бакъонна тIевига ца хьовсу вай дукха хьолахь, цунна вас хиларна, цо дегабаам баран кхоьруш. Оцу амалехь цхаъ, итт, бIе, эзар Нохчо вацахьара а хIума дацара. Доьхнарг ду шеен дагахь дерг дIаала ца хIуттуш дийнна къам дацахь а цуьнан доккхаха долу дакъа хилар. Из ду аьлла хета нохчийн къам хIокху шина тIеман цIаргахь нисдаларан коьрта бахьана. Вайна кху тIаахьарчу иттех шарахь мел гинчу халонийн орам Лара мегар ду харцо.
Дийна къам цунах кхетталц, вайх хIорамма бакъоннах шеег кьорта къилба даллац балехь хир ду вай. Оцу харцонан йийсарера нохчийн къам паргIат даккха угаре хьалха декхарийлахь бу аьлла хета Iелимнах.
Амма церан аз таханлерчу кIуркIаманехь гIийла хеза. Дукхаха болу молланаш, къеданаш ладоьгIуш бу, бакъонна тIеахIиттина мохь тохьна вистхила ца хIуьттуш бу. Таханлерчу хьолан ойла еш дагавогIу Нохчийн Республикан дуьххаьарлера муфти хилла волу Iалхан-юьртара Арсанукаев Мохьмад-Бешир-Хьаьжа (Дала гечдойла цунна. Дала декъал войла иза.) 14 мартехь иза бакъдуьнена дIавахана. Амма со тешна ву мел дукха хан яларх Мохьмад-Бешир-Хьаьжин цIе нохчийн къоман йиэсехь гуттарена а юьсур ю аьлла. Республикан муфти дарж Арсанукаевга кхачнарг – нохчийн къоман историс голатуху, харцой-бакъой цкъа а цахиллачу кепара вовшах хьарчина зама яра. Цу хенах телевиденихула сих-сиха гора вайна и куьцех, Iилманах волу къано. Цо мохь а ца хьоькхуш, Iарна а доцуш, дуьйцура вайна бусулба динан цIеналлех, шариIатан хазаллех, бакъонан йозаллех. Амма нохчийн къоман хьеккал ца тоьира хIетахьлерчу шайн муфтис Мохьмад-Бешир-Хьаьжас шайга схьакхийдош йолчу бакъонна тIехь совца, бусулба динах кирхьа а дина лиэлачу цхьаболчу жухаргашна тIаьхьа а хIоьттина, боьрдах ца эккха.
Арсанукаев вайца воцу дика хан-зама яьлла. Тахана вайн массеран а таро ю къомана тIехь лелларг а, Мохьмад-Бешир-Хьаьжас хIетахь вайга мел дийцанарг а дуста, хIораннан эхь-бехкам терзан тIехь оза. ХIинца а тIаьхьа дац аьлла хета цо вайна гайтина хиллачу Нийсонан новкъа хIиттар, шен СА а кхуьуш харц ца лен хIорамма нигат дар, жехIил нахе вай Iеха ца дайтар. Со тешна ву кху балехь нохчийн къам хьалха дакха оьшург цха некъ бен бац аьлла – вайх хIора а бакълер. ТIакха дIаер ю вайна юкъара харцо. ХIетталц Iелимнаха дийцарехь, иман-беркат хилай йиш яц. Иза доцчохь – токхо хир яц. Цунах вай мелла а сиха кхетча дика хир дара.
Данный текст является ознакомительным фрагментом.